peoplepill id: walid-dagajew
WD
Russia
2 views today
4 views this week
Walid Dagajew
Soviet composer

Walid Dagajew

The basics

Quick Facts

Intro
Soviet composer
Places
Work field
Gender
Male
Place of birth
Grozny, Russia; Soviet Union, Soviet Union
Place of death
Grozny, Russia
Age
76 years
Awards
People's Artist of the RSFSR
 
Merited Artist of the RSFSR
 
Order in memory of Akhmad Kadyrov
 
Instruments:
The details (from wikipedia)

Biography

Ва́лид Шита́евич Дага́ев (1940 шеран 30 июнь, Керла Алда, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн эшархо, музыкант, композитор, Нохч-ГӀалгӀайн АССР Халкъан артист (1970 шо), РСФСР Сийлахь артист (1973 шо), РСФСР Халкъан артист (1984 шо), Ахмат Кадыровн орденан кавалер (2009 шо).

Биографи

Вина 1940 шеран 30 июнехь Керла Алдахь. 1944 шеран 23 февралехь нохчий а, гӀалгӀай а цӀерабехира. Цу хенахь лайна халонаш бахьнехь цуьнан бӀаьраса талха доладелира.

Жима волчу хенара дуьйна иза вара эшараш локхуш хазахеташ. Цунна чӀогӀа пондар безар. Амма иза эца таронаш яцар цера. Цундела гӀожех пондар сурт дина иза ловзош цӀо шен пӀелгаш лаза бохура. Кестта цуьнан де йишас цунна балалайке белира. ХӀора динахь цунна тӀехь ловза Ӏемира иза. Кеста иза хилира нахана юккъехь вевзуш пондарча.

1957 шарахь волавелира Нохч-ГӀалгӀайн эшеран а, хелхаран а пачхьалкхан ансамблехь солист болх бан. Дика аз хиларна а, пондар дика лакхарна а иза кеста нахан вевзира а, везавелира а. Цо локху дукха эшараш кхоьллина бевзуш болу нохчийн поэташца цхьана: Магомед Мамакаев, Магомед Сулаев, Шайхи Арсанукаев, Ахмад Сулейманов, Магомед Гадаев, Шаид Рашидов, Магомед Дикаев, кхибераш а.

1968 шо дуьйна иза вара Нохч-ГӀалгӀайн филармонехь болх беш. 1970 шарахь цунна елира Нохч-ГӀалгӀайн АССР Халкъан артистан цӀе. 1972 шарахь иза хилира Дон-тӀера-Ростовехь хилла Ерригроссийн фестивалин лауреат. 1973 шарахь цунна елира «РСФСР Сийлахь артистан» цӀе, 1988 шарахь — «РСФСР Халкъан артистан» цӀе.

Валид Дагаеван репертуарехь ю эшараш гуьржийн, гӀиргӀазойн, кхазакхийн, гӀумкийн, оьрсийн меттанашкахь а, Российн а, СНГ а халкъийн меттанашкахь а. Валид Дагаевс дагатуьйсу:

«Тбилисехь гастролешкахь волуш аса гуьржийн маттахь эшар лекхира. Наха чӀогӀа тӀараш диттира. Концерт чекхъялча суна тӀе ши гуьржи веара. Цхьаммо хеттира: хьо гуьржи вуй? Аса бах: вац. ТӀаккха шозлугӀачьо элира: хьажахь, сайн машенах вели-кх со!

»

Хьалхара тӀом баьлча цуьнан шен болх бита бийзира. И тӀом бахьнехь цуьнна кхуза шен цӀенош юхадан дийзира. Керла халонаш долчуна а тӀе цуьнан бӀаьрса талхира. Амма иза хӀинца а ву концерташкахь дакъа лоцуш а, юкъараллин болх дӀакхоьхьуш а, къона артисташан гӀо деш а, нахан гӀон яш йолу концерташкахь дакъа лоцуш а.

Билгалдахарш

  1. В. Дагаев — певец Чечено-Ингушетии. О присвоении почётного звания Заслуженного артиста РСФСР. Советская эстрада и цирк. 1973, № 4, С. 15 // Летопись печати Чечено-Ингушской АССР до 1973 года. Грозный, 1980, С. 184.
  2. Указ президента Чеченской Республики от 21 ноября 2009 года № 363 О награждении орденом Кадырова Дагаева Валида Шаитовича. Вести республики. 2009, № 243, С. 4.
  3. Валид Дагаев. ЖЗЛ

Литература

оьрсийн маттахь
  • Исраилова Сацита. Валид Дагаев: «Я самый счастливый человек в мире…» // Грозненский рабочий : газета. — 2005. — № 30 сентября.
  • Башаев Малик. Красота и совершенство — в истоках // Молодёжная смена : газета. — 2010. — № 64. — С. 4.
  • Шовхалов Исмаил. Народному артисту — 65 // Молодёжная смена : газета. — 2006. — № 92. — С. 4.
  • Рашидов Шаид. Три струны Валида Дагаева // Объединённая газета : газета. — 2005. — № 19(75). — С. 10-11.
нохчийн маттахь
  • Саралиева Т. Дагаев Валидан кхоллараллин суьйре (чеченский) // Даймохк : газета. — 2013. — № 66. — С. 4.
  • Гайтукаев Асламбек. Цуьнан иллеш муьлххачу герзал нуьцкъал ду, дагчу шаьш кхеташ (чеченский) // Халкъан дош : газета. — 2006. — № 79-80. — С. 6.
  • Гайтукаев Асламбек. Цуьнан иллеш муьлххачу герзал нуьцкъал ду (чеченский) // Даймохк : газета. — 2005. — № 52. — С. 3.
  • Гайтукаев Асламбек. Халкъан дог схьадилли илланчин озо (чеченский) // Гумс : газета. — 2005. — № 60-61. — С. 5.
  • Кузаев Махьмуд. Нохчийн илланча (чеченский) // Хьехархо : газета. — 2006. — № 24(48). — С. 6.
  • Асламбеков Г. Валид — вайн дозалла (чеченский) // Даймохк : газета. — 2010. — № 70. — С. 3.
  • Саралиева Табарик. Шен башхачу озаца адмийн дегнашка кхийдарг (чеченский) // Даймохк : газета. — 2010. — № 70. — С. 3.

Хьажоргаш

The contents of this page are sourced from Wikipedia article. The contents are available under the CC BY-SA 4.0 license.
Lists
Walid Dagajew is in following lists
comments so far.
Comments
From our partners
Sponsored
Credits
References and sources
Walid Dagajew
arrow-left arrow-right instagram whatsapp myspace quora soundcloud spotify tumblr vk website youtube pandora tunein iheart itunes