peoplepill id: yavus-akhmadov
YA
1 views today
1 views this week
Yavus Akhmadov

Yavus Akhmadov

The basics

Quick Facts

A.K.A.
Yavus Zayndiyevich Akhmadov
Gender
Male
Age
75 years
The details (from wikipedia)

Biography

Явус Зайнди́евич Ахма́дов (1945 шеран 3 октябрь, Потапенко юрт, Семипалатинскан область, Казахстан, СССР) — нохчийн историк а, политикан гӀуллакхо а.

Дешар

Цо дишира Джамбулехь (Казахстан). ЦӀа вирзинчул тӀехь цо юккъера школа чекхъяккхира 1966 шарахь.

1970 шарахь цо чекхъяккхира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан историн факультет.

2006 шарахь цо яккхира шозлугӀа говзалла Российн президентан пачхьалкхан гӀуллакхан академехь.

Цо чекхъяккхира Махачкалахь йолу СССР Ӏилманийн академин ДегӀастанан филиалан Историн а, археологин а, меттанийн а институтан аспирантура. 1978 шарахь цо чекхъяккхира кандидатан диссертаци «Нохч-ГӀалгӀайн къамнийн а, Российн а юкъаметтиг XVIII бӀешерахь».

1990 шарахь Ростов-Донехь цо чекхъяккхира диссертаци «Къилбаседера Кавказан къаьмний Российн а, Иранан а, Османан империн а полититкехь XVI бӀешо дуьйна XVIII бӀешеран хьалхара дакъехь». Историн Ӏилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикан Ӏилманийн академин академик.

Ӏилман а, хьехоран а болх

1970—1971 шерашкахь цо ГӀойтара юккъера школехь хьехархон болх бира. 1971 шо дуьйна иза вара Нохч-ГӀалгӀайн республикан музейн белхало. 1970-гӀа шерашкахь цо шен Ӏилман болх дӀакхоьхьура ЧИАССР Министрийн Советан юкъайогӀуш йолу Нохч-ГӀалгӀайн НИИ.

Институтехь 12 шарахь болх беш цо язйира дукха статьяш а, «Нохчичоьн истори» хьалхара том а, «Нохч-ГӀалгӀайн истори» цӀе йолу шиъ школан учебник а, «XVIII бӀешарахь Российн а, Нохчичоьн а хилла юкъаметтиг» цӀе йолу документийн гулам а.

1990 шо дуьйна иза вара Нохчийн пачхьалкхан университетан профессор. 2001 шарахь иза хаьржира Нохчийн Республикан Ӏилманийн Академин академик. 2004 шо дуьйна иза вара Нохчийн пачхьалкхан университетан диссертацин советан декъашхо.

Цо толлуш ю: XVI—XIX бӀешерашкахь Кавказехь хилла йолу яккхий пачхьалкхий политика; Къилбаседера Кавказан этнополитикан истори; Нохчичоьн истори; таханлера Кавказан геополитикан а, юкъараллин а, политикан а процессаш.

1990 шарахь цо йира доклад конференцехь Оксфордехь (Йоккха Британи). Иза яра XIX бӀешарахь Ӏийна волу гӀарваьлла нохчийн динан гӀуллакхо Кунта Хаджи Кишиеван дахарах а, гӀуллакхах а лаьцна.

Цо язйина 100 сов Ӏилманан болх, царна юккъехь 12 монографи а, дешеран пособи а. Цхьаболу цуьнан белхаш арахецна кхоьчу пачхьалкхашахь: СНГ, Турци, США. Цо дакъа лаьцна дукха ерригсоюзан а, ерригроссийн а, халкъашна юккъера а конференцишкахь.

Политикан болх

1993 шарахь иза вара Нохчийн Республикан къоман а, гражданийн а бертан Советан декъашхо. Оцу Советан юкъбохуш бара Дудаеван оппозицехь болуш болу партийн куьйглахой а, цхьайолу Дудаеван дуьхьала йолу интеллигенци а.

1994—1996 шерашкахь иза вара Нохчийн Республикан информацин а, зорбанан а министр. 2000—2002 шерашкахь иза вара Нохчийн Республикан зорбанан гӀуллакхийн Российн министерстван Мехкан урхаллан куьйгалхо.

2002—2003 шерашкахь иза вара Российн Думин Нохчийн Республикехь политикан дӀадерзоран а, адамийн бакъонаш Ӏалашъяран а Комиссин аппаратан куьйгалхо. 2004—2010 шерашкахь иза вара Российн президентан администрацин хьехамчийн болх латторан департаментан куьйгалхон когаметтаниг а, коьрта хьехамча а.

Белхаш

  • Очерки политической истории народов Северного Кавказа в XVII в. Грозный, 1988;
  • Взаимоотношения народов Чечено-Ингушетии с Россией в XVIII в. Грозный, 1992;
  • История Чечено-Ингушетии. Учебное пособие. (9 кл.). Грозный, 1992 (в соавторстве).
  • История Чечни с древнейших времен до конца XVIII в. Пособие для изучающих историю родного края. М.: Мир дому твоему, 2001
  • История Чечни в XIX—XX веках. — М.: Пульс, 2005 (в соавторстве).
  • Очерк исторической географии и этнополитического развития Чечни в XVI—XVIII веках. М., 2009.
  • Судьба народов Чечено-Ингушетии: депортация и возвращение

Хьажоргаш

П:  Ӏилма П:  Нохчийчоь П:  Адамаш

The contents of this page are sourced from Wikipedia article. The contents are available under the CC BY-SA 4.0 license.
Lists
Yavus Akhmadov is in following lists
comments so far.
Comments
From our partners
Sponsored
Yavus Akhmadov
arrow-left arrow-right instagram whatsapp myspace quora soundcloud spotify tumblr vk website youtube pandora tunein iheart itunes