Sjamsoeddin Kataevitsj Ayschanov
Quick Facts
Biography
Шамсудди́н Ката́евич Айсха́нов (1907 шо, Лаха Невре, Нохчийчоь, Терски область, Российн импери — 1937 шо, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн яздархо, поэт, гочдархо, серлонча, нохчийн литературан бух биллинчарех цхьаъ, партин а, юкъараллин а гӀуллакххо.
Биографи
Айсханов Шамсуддин вина 1907-чу шарахь Теркайистерчу Лаха-Неврехь. Цуьнан да-нана ахархой хилла. Яздархочун да Ката даиманна керлачунна тӀегӀерташ вара. XX-гӀа бӀешо долалучу хенахь Лаха-Неврехь халкъан серлончас, хьехархочо Хакишев Солтас школа йиллича, цига хехо вахара Ката. Халкъа юкъа серло яржоран Ӏалашо яра Хакишев Солтин. Шамсуддин деша ваххал хилча, шен дас иза дӀавелира Хакишев Солта волчу школе. Дешаре боккха безам болуш кхиавора Катас шен кӀант. Дешарна тӀера а вара жима Шамсуддин, цо хазахеташ Ӏамадора йоза-дешар, резахиларца тӀеоьцура шена хьоьхург. Хьехархо а, да-нана а даккхийдеш бара дешархочун кхиамаш.
Хьажоргаш
- Шамсуддин Айсханов.Электронная библиотека Союза писателей Чеченской Республики.
- * В Грозном отметили столетие поэта Шамсудина Айсханова.Информационное агентство «Грозный-Информ» (2007, 20 июль).
- Дахаран куьзга. Шамсуддин Айсханов YouTube чохь («Зеркало жизни. Шамсуддин Айсханов» на чеченском языке)
Литература Нохчийчоь Адамаш |