Ruslan Khakisjev
Quick Facts
Biography
Хакишев, Руслан Шалаудинович (1938 шеран 11 июль, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн актёр, режиссёр, Нохчийн Х. Нурадилован цӀарах йолу пачхьалкхан драман театран коьрта режиссёр, РСФСР исбаьхьаллин Сийлахь гӀуллакххо (1990), Российн Федерацин Халкъан артист (2009), 2006—2010 шерашкахь Российн президентан культуран а, исбаьхьаллан а советан декаъшхо.
Биографи
Иза винера 1938 шеран 11 июлехь Соьлжа-ГӀалахь. Цуьнан да Шалаудин вара куьйгалхон болх беш.
Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болабеллачул тӀехьа Шалаудин Хакишевс доккха дакъа лецира 114-гӀа Нохч-ГӀалгӀайн дошлойн дивизи кхуллуш. И дивизи дӀасаякъча цо дакъа лецира 255-гӀа къастина Нохч-ГӀалгӀайн дошлойн полк кхуллуш. И полк кхоьллича Шалаудин хилира цуьнан политрук. Оцу полкан командир вара кхано Советски Союзан Турпал хилла волу Мавлид Висаитов.
1944 шеран 23 февралехь нохчий цӀера бехира. ЦӀера бехначул тӀехьа дукха хан ялале лакхара лейтенант Шалаудин Хакишев Одессан уллехь тӀамтӀехь винера.
Руслан Хакишеван берралла дӀаяхара Кызылордахь. Цуьнан ден йиша яра театрехь костюмер болх беш. Цо вуьгура Руслан массо а спектакле.
1962 шарахь цо чекхъяккхира Ленинградски пачхьалкхан театран а, музыкин а, кинематографин а институтан драматически исбаьхьаллин факультет (мастерская Василия Меркурьева и Ирины Мейерхольд). 1963 шарахь иза деша вахара оцу институтан режиссёрийн факультете (цуьнан хьехархо вара М. В. Сулимов). И факультет цо чекхъяккхира 1968 шарахь. Дешуш хенахь иза вара СССР Халкъан артисташ Валентин Плучек а (Сатиран академически театр), Евгений Симонов а (Е. Вахтанговн цӀе йолу академически театр) куьйгалхо деш йолу режиссёрийн лабораторийн балхахь дакъа лоцуш а, СССР Юккъера телевиденехь передачаш кечъяш а.
Иза вара Х. Нурадиловн цӀе йолу Нохч-ГӀалгӀайн драматически театран куьӀгалхо 1970-гӀа а, 1990-гӀа а шерашкахь. Иштта иза вара Карачаево-Черкессин Оьрсийн драматически театран коьрта режиссёр. 1977 шарахь «Вайнехан иллеш» спектакль ярна цунна делира Станиславски цӀе йолу РСФСР Пачхьалкхан совгӀат.
Цо дукха болх бира кхоьчу театрашкахь: Махачкалан а, Брянскан а, Черкесскан а оьрсийн театрашкахь; халкъан театрашкахь — Марийн, Хакассийн, Карачайн, Лакийн. Иштта иза ву Идрис Базоркинан цӀарах йолу ГӀалгӀайн пачхьалкхан драматически театран кхоллархо.
Нохчийн Республикехь тӀом болуш хенахь театр яра Къилбаседера Кавказан а, Краснодарски крайн а республикашкахь эвакуацехь. Театр гастролешка а йодура, шен белхалошна гӀо а дора.
Хакишев вара шен кхоллараллин болх дӀакхоьхьуш. Нохчийн театран кхоьчу белхалошца цо меттахӀоттайира Черкесскан оьрсийн театрехь (Хакишев цигахь а коьрта режиссёр болх беш вара) шира репертуарера массийта спектакль. И спектаклеш эцна театр Европе гастролешка яхара. Иштта Хакишевн дагадеара Черкесскехь «Прометей» цӀе йолу кегирхойн театр ян. Оцу театрехь болх беш бара нохчийн артисташ.
Тахана Руслан Хакишев ву Нохчийн драматически театран а, Лермонтован цӀе йолу Оьрсийн драматически театран а коьрта режиссёр а, Нохчийн пачхьалкхан университетан актёрийн говзаллан кафедран хьехархо а.
ХӀоттина спектаклеш
- «ЦӀийша дуьзна ловзар» (Гарсиа Лорка);
- «Хета цомгуш волу стаг» (Мольер);
- «Ревизор» (Гоголь, Николай Васильевич);
- «Предложение» (Чехов, Антон Павлович);
- «Зуда ялор» (Н. Гоголь);
- «Жима трагедиш» (Пушкин, Александр Сергеевич);
- «Бальзаминовс зуда ялор» (Островский, Александр Николаевич);
- «Вайнехан эшараш» (Руслан Хакишев);
- Трилоги «Дай баьхна латта»;
- «Дуьне духуш хенахь» (О. Иоселиани);
- «Дела воцург накъост воцуш» (Нунуев, Саид-Хамзат Махмудович);
- «Лийра боцурш» (Хамидов, Абдул-Хамид Хамидович);
- «Таймин Биболт» (М. Мусаев);
- «Марча дан ваханарг» (Ахмадов, Муса Магомедович, 1993);
- «Бож-Ӏали» (А. Хамидов);
- «Скапен, келхьара баккха безам» (Мольер);
- «Хийистехь»;
- «Ворда херцича».
- Берийн туьйранаш
- «Сулейман бозбуунчан туьйранаш»;
- «Жима эла»;
- «Дашо кӀорни».
Фильмографи
- БӀаьрган негӀар туху юкъ… (1989)