peoplepill id: malika-soeltanovna-arsanoekaeva
MSA
Russia
1 views today
1 views this week
Malika Soeltanovna Arsanoekaeva
Russian scientist

Malika Soeltanovna Arsanoekaeva

The basics

Quick Facts

Intro
Russian scientist
Places
Work field
Gender
Female
Place of birth
Novopavlovka
Age
68 years
The details (from wikipedia)

Biography

Малика Султановна Арсанукаева (йина 1955 шеран 7 сентябрехь, Новопавловкехь, Кызыл-Аскеран кӀоштан, Чуйн областан, ГӀиргӀазойн ССР, ССРС) — экономикийн Ӏилманийн кандидат, юридически Ӏилманийн доктор, доцент. 2011—2016 шерашкахь — Российн Минюстан Российн бакъонан академин хьуьнарчийн бакъонийн, гражданийн а, арбитражан а процессан кафедран профессор. 2016—2017 шерашкахь — университетан гражданийн процессан а, суьдан пурстоьпийн болх тобаран кафедран профессор. Къоман нохчо, тайпана цӀонтаро.

Биографи

Къуоналла

Йина 1955 шеран 7 сентябрехь ГӀиргӀазойн ССР Кызыл-Аскеран кӀоштан Новопавловка юртахь. Депортацера доьзал цӀабирзина 1957 шарахь. Маликин массо а гергара нах хьалха охьахевшира Мичуринан эвлахь (Соьлжа-гӀалин кӀошт), амма баха дӀабахара Нохч-ГӀалгӀайн АССР Невран кӀоштерчу В. И. Ленинан цӀарахчу совхозе. Совхозехь йоккха школа дӀайиллича, Малика хьалхарчу классе яхара. Оцу хенахь цуьнан 6 шо кхаьчнера. Маликин дас а, нанас а къахьийгира, цуо а, цуьнан массо а вежарш а, йишас а лакхара дешар дешийтархьама, берашка шайна луъу говзалла хоржуйтуш а. Маликин дас Султана дийнна оьла жайнаш дара цӀа, безам бохуйтура дешарна. Ишколехь йолушехь Маликас тайп-тайпанчу арахецаршкара жайнаш яздора. Кхин а Маликас дара жайнаш юьртан библиотекера. Цул сов, цунна литератураца гӀодора ишколера хьехархоша.

1971 шарахь цуо чекхъяьккхира ишкол, юккъерачу дешаран аттестат делира. ДӀахӀоттаран экзаменаш Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан историн факультете дӀаелира «дика» а, «тӀех дика» мах хадорца. 1976 шарахь чекхъяьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университет, тӀех дикаллин диплом делира цунна. Университетан Ӏилманан кхеташонан бертаца Малика цхьа дуьхьал а воцуш хьажийра аспирантуре хӀотта.

Карьера

1977—1980 шерашкахь ССРС Iилманан академин Социологийн талламийн институтехь дийшира дуьхьала а йолуш Ӏалашонан аспирантурехь. 1983 ш. экономикийн Ӏилманийн Ӏилманчийн кандидат тӀегӀан диссертаци чекхъяьккхира «Прикладни социологи» говзаллехь. Цуьнан Ӏилман куьйгалхо вара гӀараваьлла Ӏилманча, экономикийн Ӏилманийн доктор, ССРС ӀА декъашхо-корреспондент, ССРС ӀА СТИ директор волу Рябушкин Тимон Васильевич.

1986 шарахь, къовсамехь тоьлла, йолаелира болх бан Нохч-ГӀалгӀайн историн, экономикан, социологин, филологин 1ТИ лакхара белхало даржехь (хӀинца Гуманитарийн Ӏилманийн институт). Нохчийчура тӀом бахьнехь доьзалан Соьлжа-ГӀала а йитана Москвох дӀабаха бийзира.

2006 шарахь тӀех дика мах хадорца чекхъяьккхира шолгӀа лакхарчу дешаран заведени Москвохан хьаштийн кооперацин университет «Юриспруденци» говзаллехь. Оццу шарахь Москвохан пачхьалкхан юридически академин докторант хилира, тӀаккха 2010 шарахь чекхдаьккхира докторан диссертаци. Ӏилман консультант — юридически Ӏилманийн доктор, профессор, Российн Федерацин Iилман Сийлахь гIуллакханча Исаев Игорь Андреевич.

Автор ю 150 сов Ӏилман, дешаран-методикан белхийн: пачхьалхан а, бакъонийн а теорийн а, историйн а; гражданин а, арбитражан а процессийн; прикладни социологин, царна юкъахь — кхоъ монографии ю, Россехь а, дозанал арахьа а арахецна. Цуо Ӏилман а, кхоллараллин а зӀенаш лелайо Российн Федерацин дуккха а дешаран заведенешца а, Ӏилманан центрашца а. Болх беш ю лулара пачхьалкхийн, Польшин (Варшаван университет, Люблинера Склодовской-Кюри Мариян цӀарах университет, Торунера Коперник Николаян цӀарах университет, Люблинера II Иоанн Павел цӀарах католикин университет, Жешуван университет), кхечу пачхьалкхийн а талламхошца.

2009—2017 шерашкахь болх бира Российн Минюстан Российн бакъонийн академехь (Шайолу российн пачхьалкхан юстицин университетехь) хьийхира хӀара говзаллаш: «Гражданийн процесс», «Суьдан-арбитражан белхехь бехкийн кепашъяран баланаш», «Трансдозанера банкроталла бакъонца нисъяр», кхин а.. Иштта 1999—2009 шш. Москвохан хьаштийн кооперацин университетехь (Российн кооперацин университет) лакхара хьехархо, доцент, профессор яра. 2014—2015 а, 2016—2017 шш. шолгӀачу меттигехь а, Москвохан пачхьалкхан О. Е. Кутафинан цӀарахчу юридически университетехь хьоьхуш яра. Малика говзанча ю бакъонийн а, пачхьалкхан а историн областехь, гражданийн а, арбитражан а процессехь, прикладни социологехь.

СовгӀаташ

  • Российн Федерацин Юстицин Министраллин Сийлаллин грамота.
  • Шайолу Российн пачхьалкхан юстицин университетан ректоратан Баркалалла.
  • Российн кооперацин университетан ректоратан Сийлаллин грамота.
  • Нохчийн Республикан Суьдхойн юкъараллин «Юридически Ӏилма кхиорехь дакъа лацарна» аьлла долу Сийлаллин диплом.

Библиографи

Билгалдахарш

  1. Малика Арсанукаева. ЖЗЛ
  2. Малика Султановна Арсанукаева
  3. Культура Чечни: история и современные проблемы Хасан Вахитович Туркаев Наука, 2002
  4. Гадабошева Фатима Магомедовна. Депортация и реабилитация ингушского народа: историко-правовые аспекты (1944-1992ГГ.) 12.00.01 — теория и история права и государства; история учений о праве и государстве Автореферат диссертации на соискание ученой степени кандидата юридических наук ] 9 ЯНВ 20|2 005008260 Москва,
  5. Список авторов № 6 (73) 2014
  6. Арсанукаева Малика Султановна
  7. Конференция 5-6 мая 2016 макет.pdf Российская академия наук. Дагестанский научный центр институт языка, литературы и искусства им. Г. Цадасы
  8. Ее пример — другим наука Знакомьтесь: доктор наук, профессор Малика Арсанукаева
  9. Толерантность: объединяем усилия : материалы конференции Москва, 2002 М. Н. Женишева Летний сад, 2002
  10. ЗАКЛЮЧЕНИЕ комиссии диссертационного совета Д 170.003.02, созданного на базе Федерального государственного бюджетного образовательного учреждения высшего образования «Российский государственный университет правосудия»

Хьажоргаш

The contents of this page are sourced from Wikipedia article. The contents are available under the CC BY-SA 4.0 license.
Menu Malika Soeltanovna Arsanoekaeva

Basics

Introduction

Биографи

СовгӀаташ

Библиографи

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Lists

Also Viewed

Lists
Malika Soeltanovna Arsanoekaeva is in following lists
comments so far.
Comments
From our partners
Sponsored
Credits
References and sources
Malika Soeltanovna Arsanoekaeva
arrow-left arrow-right instagram whatsapp myspace quora soundcloud spotify tumblr vk website youtube pandora tunein iheart itunes