peoplepill id: elbrus-minkailov
EM
1 views today
1 views this week
Elbrus Minkailov
journalist

Elbrus Minkailov

The basics

Quick Facts

Intro
journalist
A.K.A.
Elbrus Salaudyevich Minkailov
Gender
Male
Place of birth
Magzhan Zhumabaev District
Age
69 years
The details (from wikipedia)

Biography

Эльбру́с Салауды́евич Минкаи́лов (1955 шеран 13 май) — нохчийн журналист, яздархо, гочдархо, критик, литературовед, литературан а, исбаьхьаллин а «Орга» журналан коьрта редактор, Российн яздархойн союзан декъашхо, Российн журналистийн союзан декъашхо, Нохчийчоьнан яздархойн союзан декъашхо, Нохчийчоьнан журналистийн союзан декъашхо, Кавказан яздархойн клубан декъашхо. Нохчийн Республикан культуран Сийлахь белхало.

Биографи

Минкаилов вина 1955 шеран 13 майхь Кхазакхстанан Къилбаседа Кхазакхстанан областан Булаевскан кӀоштан «Чистовский» зерносовхозехь. 1957 шарахь уьш цӀа бирзира Соьлжа-ГӀалин кӀоштан Галне. 1972 шарахь цо чекхъяккхира школа. 1979 шарахь чекхъяккхира Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетан вайнехан филологин дакъа. Университет чекхъяккхинчул тӀехь иза шен школе юхавиризин хьехархо болх бира 1979—1980 шерашкахь. 1980 шо дуьна цо университетехь хьехархо болх бира.

1981—1983 шерашкахь Эльбрус армехь вара. 1983 шарахь иза юха а университетехь хьехархо болх бан волавелира. Университетехь цо тайп-тайпан белхашкахь 2010 шо кхаччалц болхбира. 1980-гӀа шерашкахь иза волавелира журналистика а, литературан а, талламан а болх бан. 1991 шо дуьйна иза «Орга» журналан редакцехь болх бан волавелира. Ши тӀом бахьнехь оцу балхан шозза юкъах вала дийзира цуьна. 2002 шарахь иза хилира прозан декъан редактор, цул тӀехь дукха хан ялале — коьрта редакторан когаметтаниг. 2003 шо дуьна хинцалц иза «Орга» журналан коьрта редактор ву.

Литературан болх

Шен хьалхара байташ иза школехь язъя волавелира. Проза язъя иза волавелира 1980-гӀа шерашкахь. Амма цуьнан хьалхара дийцар «Одна судьба» «Орга» журналехь араелира 2003 шарахь. Цо язйо оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь. 2000-гӀа шераш долалуш цо язйира ши повесть а («В тумане», «Как долог был этот путь»), 20 сов дийцар а. Уьш араелира кӀоштан а, республикан а газеташкахь, журналашкахь «Орга», «Вайнах», «Нана». Иштта Минкаилован дийцараш араделла Нохчичоьн а, Къилбаседа Кавказан а яздархойн коллективан гуламашкахь «Чеченский рассказ» (Соьлжа-ГӀала, 2006), «Война длиною в жизнь» (Москва, 2007). 2011 шарахь араелла цуьнан прозан книга «На Тереке было половодье».

Цо арахецна литературан историн а, теорин а, литературан критикан а, исбаьхьаллин гочдаран а, фольклоран хаттарашан а 60 сов болх. Царехь цхьабераш юкъабахара «О чеченской литературе и фольклоре» цӀе йолу книгин чу (2007).

Цо оьрсийн матта яккхира Абузар Айдамирован повесть «Один день судьбы», Арби Мамакаеван «В родной аул», Муса Ахмадовс язйина «Ша тӀехь йина гӀала», Муса Бексултанован а, М. Мутаеван а дицараш. Цо нохчийн метта яккхира Лев Толстойн повесть «Хаджи-Мурат», Важа Пшавелан а, Эффенди Капиеван а дийцараш, иштта шортта кхиераш а.

СовгӀаташ

  • «Нохчийн Республикан дуьхьа бина кхиамашна» медаль
  • Магомет Мамакаеван орден
  • «Машеран дуьхьа къахьегаран» Лермонтован фондан дато медаль
  • Москван гочдархойн организацис луш йолу Грибоедован медаль

иштта кхидераш а.

Хьажоргаш

The contents of this page are sourced from Wikipedia article. The contents are available under the CC BY-SA 4.0 license.
Lists
Elbrus Minkailov is in following lists
comments so far.
Comments
From our partners
Sponsored
Credits
References and sources
Elbrus Minkailov
arrow-left arrow-right instagram whatsapp myspace quora soundcloud spotify tumblr vk website youtube pandora tunein iheart itunes